ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талорш лелош берийн тоба гучуяьлла Австрехь


БархI шарера шийтта шаре кхаччалц бен хенаш яц Лакхарчу Австрерчу Велс гIалахь полицино совцийначу нохчийн берийн. Уьш бехке деш ду, гIаларчу паркехь кхечу берех летарна а, кегийра къоланаш дарна а.

Полицино бинчу хаамца, цу берех диаммо даханчу кIирандийнахь урамехь кхозуш йолу газетийн касса лачкъийна хилла. Австрерчу урамашкахь мукъаденошкахь бIогIамех хьалаухкий хуьлу газеташ чохь долу тIоьрмигаш.

Газета эца луучо цуьнан меха ахча чутосу уллехь кхозучу касси чу. Iедалхоша чIагIдарехь, нохчийн доьзалшкарчу бераша ишттачех цхьа касса бIогIамна тIера схьа а яьккхина, йостуш гина тешашна.

Жимма хан яьллачул тIаьхьа меттигерчу паркехь кхиазхойн дов даьлла аьлла, кхайкхинчу полисхоша лаьцна 10 берах лаьтташ йолу тоба. Царех уггаре а воккхахчун 12 шо хилла. Шайн дов иккхинчу меттигерчу берашца леташ, цо царех цхьанна урс а тоьхна, яйн чов йина, бохуш чIагIдо Iедалхоша.

Хьалхе дуьйна а кегийра талораш лелор бахьана долуш полицин тидамехь хилла и жима кIант. Цо мукIарло дина, ша урс тохарна а, бIогIамтIерачу касси чуьра ахча даккхарна.

Цунна а, цуьнца цхьаьна кхин а 9 беран а гIуллакхаш прокуратуре дIаделла. Амма и бераш низамца жоьпалле озолла даккхий ца хиларна, царех йолу информаци берашна Iуналла даран хьукмате а, мухIажарийн гIуллакхех йолчу хьукмате а дIаелла полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG