ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммерцица йоьзна йоцчу организацешна ахча кхачийна Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо миллион сом грант елла коммерцица йоьзна йоцчу организацешна, церан социалан, юкъараллан, политикан проекташ кхочушъярехь гIо лоцуш. Уггар жигарчу юкъараллан куьйгалхошца Соьлжа-ГIалахь шен хиллачу цхьанакхетарехь бина цо и хаам. Иштта дийцаредина, цигахь юкъаралхоша республикан дахарехь дечу гIуллакхех а.

Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Израйилов IабдулкъахIира билгалдаккхарехь, Нохчийчохь болх беш ю 613 коммерцица йоьзна йоцу организаци ю. Царех 343 юкъараллан цхьанакхетарш, 224 еккъа коммерцица йоьзна йоцурш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG