ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косметологин центраш толлуш ю Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Кхерамзаллан Кхеташонан комиссино могушаллан министраллан а, Росздравнадзоран а гIоьнца толлуш ю пластикан хирургица болх бен медицинан центраш. Цхьа могIа клиникашкахь бакъонаш талхийна меттигаш хаабелла.

Лицензино магийна педиатрин, анестезин, кардиологин говзанчаш бац оцу центрашкахь, иштта шаьш йинчу операцех деш йозанаш а дац.

Операцеш ян говзалла йолу нах а бац цигахь болх беш. И йоллу къепенаш битаме яло хан елла царна Iедалхоша.

Цу кепара талламаш йоллу республикехь дIабахьа сацам бина комиссин декъашхоша.

ТIейогIучу хенахь, низамашкахь болх беш йоцу косметологин, пластикан хирургин клиникаш я дIакъовлур ю, я даккхий гIуданаш деттар ду царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG