ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еаридийнахь Соьлжа-ГIаларчу "Беркат" базарахь динах лаьцна литература юхкучу туьканашкахула хьовсуш лелла Iедалхойн тоба. Йохка магийна йоцу экстремистийн материалаш юй хьовсуш, теллина цара туьканаш. Динан, юкъараллан организацешца зIенаш латточу Департаментан а, прокуратуран а, экстремизмана дуьхьало латточу центран а векалш хилла "Беркат" олучу йохка-эцаран базарахь талламаш бийраш.

"Йинчу рейдашкахь Iедалша йихкина литература а, аудио-видео дискаш ца карийна. Оцу жамIаша а гойту, махкахь бечу белхо пайда бохьуш хилар", - аьлла Департаментан векало.

Нохчийчуьрчу Iедало кегийрхошлахь экстремистийн литература ца яржийтархьама, шен-шен рожехь дIахьо цу кепара талламаш.

XS
SM
MD
LG