ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовн безамна у хIотточу ца баьхкина цуьнан гергарнаш а, доттагIий а


Кхо шо хьалха вийначу оппозиционеран Немцов Борисан безамна у схьадоьллуш ду Москох, иза ваьхначу цIийнехь пIераскандийнахь. Немцовн гергарчара а, цуьнан агIончаша а дуьхьало йина оцу бараме бахка.

Немцовс кхоьллинчу "Солидаралла" цIе йолчу боламан политикан кхеташонан куьйгалхочо Яшин Ильяса а дIахьедина, Собчака вовшахтоьхначу оцу акцехь шайн организацино дакъа лоцур дац аьлла.

"Тхуна халахетарг ду, президентийн харжамашкахь агитаци еш санна пайдаэцар Немцовн иэсах", - яздина Яшина Фейсбукехь.

Иэсан у схьаделлар Москохан мэран Собянин Сергейн шен лаамехь дац, бахархоша тIеIаткъам барца ду аьлла, билгалдаоккху Яшина.

"Солидаралла" организацина тIетайна оппозиционер Навальный Алексей а, Немцовн йоI – Жанна а.

"Тхуна цатов, сан вийначу дех политикан ловзаршкахь пайдаэцар", - аьлла Немцова Жаннас а.

2015-чу шеран Чиллан-баттахь Кремлна гергарчу Москворецкан Доккхачу тIайтIехь вийра политик Немцов Борис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG