ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардина тIелатар дарна шеконашкахь латточу нохчочо Украине тхвокIело йоьху


Росгвардина тIелатар дина аьлла, шеконашкахь латточу 25 шо долчу Бакаев Iелас Украинан миграцин хьукмате политикан тховкIело йоьхуш, дехар дина. "Кавказ.Реалиига" цунах лаьцна хаам кхачийна, Киеверчу Лукьяновскан СИЗО-хь латточу Бакаевс.

Цо бахарехь, дехар деш кехат талламан изоляторе дIакхачийна Бакаевс. ДIахьедар шайга дIакхачарх хаам беш дуьхьал жоп а деана шена аьлла цо.

Бакаевн гIуллакх дIадахьар шена тIелаьцна ООН-ан мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан "Iалашван бакъо" цIе йолчу партнеро-организацис.

Нохчийчуьрчу Росгвардин тIеман декъанна тIелатар дарна бехкево Бакаев Iела Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.

Стохка дуьйнна Каирехь ваьхна, Киевн "Борисполь" аэропорте кхаьчча ши бутт хьалха дIалецира Бакаев. Цуьнан хIусамнана а, бер а дуьхьало а йоцуш Украине чудитира.

Ноьвр кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера стохка бIаьста. Полисхоша бахарехь, Нохчийчуьрчу 6 вахархочо динера и зулам. Росгвардин 6 эскархо вийнера хIетахь, кханна кеп-кепара чевнаш йира.

Иштта, официалан версица, тIелатар дина ялххе а вийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG