Парламентан лахарчу палате ЕГЭ пачхьалкхан экзамен юкъара дIаяккхарх низаман проект кховдо сацам бина Пачхьалкхан Думан депутато Чернышов Бориса. RT агенталло бина и хаам.
"Берашна а, дайшна- наношна а хьаьхна ЕГЭ юкъара а яьккхина, традиционан экзаменашка дерза дезара. Школашкахь дешаран процессан дикалла лакхаер ю тIаккха. ТIаьххьарчу шарахь ЕГЭ-на тIе а ца таьIаш, паргIат деша а доьшуш, лакхарчу доьшийлашка кечам бан аьтто хир бара берийн", - аьлла хета депутатна.
Къоман дайн-нанойн комитетан куьйгалхочо Волынец Иринас хьалхо эфирехь дIакхайкхийра, дукхайолу берех хьакхалу психикан, психологин цамгарш къасттина ЕГЭ экзаменаш дIаяларца доьзна хуьлу аьлла.
"Тахана вайн доллу дешар ЕГЭ-хь лаккхара балл яккха аьлла ду, кIезиг бу берийн хааршца бала берш", - аьлла, билгалдаьккхинера Волынец Иринас.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!