ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Захаров Петра дилина кхи цхьа сурт а карийна


Захаров Петра диллина сурт
Захаров Петра диллина сурт

ГIараваьллачу Оьрсийчоьнан художникан Захаров Петран кхин цхьа сурт а карийна, цуьнан кхолларалла толлучу Шахбиева Медина. Цу сурт тIехь верг ву сийлахьчу элан Михаил Павловичан адъютант Ростовцев Яков.

Шахбиева Медина хетарехь, Захаров Петран, шен муьлхачу суьртан бухахь "Дади-юртара нохчо" аьлла язъеш хиллачун кхолларалла дика теллина яц.

Цо дехкина бIе сов портреташ, амма акварелехь Ростовцевн сурт саннарш, цо дукха дехкина дац.

Стохка Шахбиева Медина карийра Захаров Петран каш.

Лермонтов Юрийн "Мцыри" поэмин коьрта турплахочун прототип лоруш ву Захаров Петр.

Кавказан тIом болчу хенахь, Дади-юрт йохийначул тIаьхьа, оьрсийн салтичо шена лело схьаэцнера да а, нана а, мел волу гергара стаг вийна, байлахь висина Захаров.

XS
SM
MD
LG