ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Гутехь динчу кеман тохарша 30 стаг вийна, 100 гергга лазийна


ПIераскандийнахь Шеман Малхбалерчу Гутехь динчу кеман тохаршкахь велла 30 стаг, шайлахь 6 бер а долуш. БIе гергга маьрша вахархочунна кеп-кепара чевнаш йина. Шеман бакъонаш хьешарна тIехь мониторинг латточу центро бина и хаам.

Асад Башаран эскаро, Оьрсийчоьно гIо а деш, авиа тохарш деш ду оппозицин дакъошна. Бакъонашларъярхойн хьесапашца, шо доладелчхьана цигахь эзар гергга маьрша вахархо вийна. ООН-ан барамашца, Малхбалерчу Гутехь 70 процентна йохийна гIишлош.

Дукхаболу бахархой лаьтта бухарчу ларми чохь бехаш бу. Юучуьнца, молучуьнца, молханашца къоьлла лаьтта цигахь. Гуманитаран гIо хьош йоьду яккхий машенаш масийттазза юхаерзийра анклаван дозанера тIемаш жигарабовларна.

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь ООН-о 30 денна маслаIат кхайкхира Малхбалерчу Гутехь, хIетте а герзаш совцуш дацарна, маьршачу бахархойн ка ца йолу гIаличуьра арабовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG