ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс харжамашка кхойхку Iамерка а, Европа а, Навальный а


Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашка кеп-кепарчу политикан ницкъаша шайн тергамчаш бахийта лаам хиларх вистхилла Кадыров Рамзан.

"Массарна а хаа луург, Навальный Алексейс Нохчийчу "шен нах" бахкийтар оха тIе муха эцна. Суна ца хаьа, муьлхачу статусехь бу и нах, амма харжамашна тIехь терго латто луург массо а, ша Навальный а, "цуьнан нах" а, Iамеркера, Европера а цхьана тергамчаш оха кхойкхуш бу тхайн республике кIирандийнахь", - аьлла Кадыровс.

Амма цуьнан карахь цхьа бакъо хила еза, харжамийн тергамча ша хиларе терра аьлла, тIе а тухуш.

Иштта кхерамзаллех а аьлла мехкан куьйгалхочо.

"Кхераме мохк бу боху къамелаш, цхьана а меха дац. Нохчийчоь уггар а паргIат, маьрша республика ю дуьненчуьрчу пачхьалкхашлахь. Низамаш лардечу стагана кхераме дац кхузахь, нагахь къепе жимма а ахь йохаяхь, низамашца а догIуш, метта валор ву милла а", - боху мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG