ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенатор хила дагадеана Джабраилов Iумарна


РБК каналана еллачу интервьюхь дийицна бизнесхочо шен лаамех. "Юха а сенатор хIотта лаьара суна. Суна хIинца хаьа, айса нийса хIун ца дора а, Оьрсийчоь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) юкъаяхча, сайх мел пайда хир бара а. Санкцеш совцор яра, дуьненахь а хийцамаш хир бара", - аьлла, дIахьедина Джабраиловс.

2004-2009-чу шерашкахь Нохчийчоьнан цIарах сенатор вара Джабраилов Iумар, ишта федерацин Кхеташонан куьйгалхочун дуьненан юкъарчу гIуллакхашкахула гIовс а, ПАСЕ-хь оьрсийн делегацин декъахо а вара иза.

Маршо Радионо дийцира, кху аьхка Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла Москохарчу полицино лацарх Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, «Аванти» ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар. Бехктакхаман гIуллакх долийнера совдегарна дуьхьал.

Кхело наркотикаш лелорна 4 эзар сом гIуда тоьхнера Джабралиловна

"Нерваш жимма меттахъевллера сан, со къера ву сайгара даьллачунна. Отелан белхахошкара цатам хиллера суна, амма ас цхьанна а дина зен дац", - аьлла, вистхиллера "Вести" агенталле Джабраилов Iумар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG