ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно 23 Британин дипломат аравоккхуш ву шайн пачхьалкхера


ТIедогIучу кIиранчохь Британин 23 дипломат шайн пачхьалкхера аравоккхуш ву Оьрсийчоьно. Цул совнах, Москохара Британин кхеташонан векалт а дIакховлуш ю. Дешарехь, Iилманехь Великобритани дуьненна а йовзуьйтуш, политикаца йоьзна йоцу организаци яра Британин кхеташо. Петарбухахь Британин консулалла схьайоьллуш бинчу бертана а дуьхьало йина Оьрсийчоьно.

Шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло текхайкхинчу Великобританин Москохарчу векало Бристоу Лорис бина и хаам.

Оьрсийн министралло динчу дIахьедарехь билгалдоккху, хиллачу ГРУ-н агентна Скрипаль Сергейна а, цуьнана йоIана а Солсбери гIалахь дIавш тохарца доьзначу гIуллакхца Лондонера 23 шайн дипломат араваккхарна дуьхьал даьккхина хиларх шаьш дийриг.

Британин Iедалша бехкейо Оьрсийчоь Скрипалан могушаллана зен дарна, нервийн, паралитикан хIурца. Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса, дIавш тоха омра динарг Путин Владимир хиларан цхьан а шеконаш яц аьллера.

Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI Юлия а дарбан цIийнан реанимацехь Iуьллуш ду чолхечу хьолехь.

Москоха аьттехьа а тIе ца дуьту, шаьш бехкехилар. "Новичок" цIе йолу дIавше хIума шайн пачхьалкхехь цкъа а арахецна яц, бохуш. Иштта бехкейо Британи, зулам толлуш шайца цхьана болх ца барна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG