ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюбан рогIера арз толлур ду оршотдийнахь


ТIедогIучу оршотдийнахь, 19-чохь, Iуьйранна 10 сахьт аьллачу заманчохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело луьстур ду Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран офисан декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан хьокъехь чуделла арз. Кхелан сацамца, Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийне кхаччалц чохь латтор волуш ву иза.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро кхойкху цу дийнахь кхеле журналисташ а, бакъонашларъярхой а, иштта Титиевх доглозурш а.

"Дуьйлийша дог эца тхан белхан накъостан, доттагIчун, дикачу стеган", - аьлла, яздо "Мемориало" Фейсбукерчу шен агIон тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG