ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь харжамаш хилийта дуьхьал ю Украина


ООН-ан Инарла секретаре а, оцу организацин декъахошка-пачхьалкхашка а кехат дахьийтина Украинано, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь а, Севастополехь а кIирандийнахь президентан харжамаш хилийта ша дуьхьал хилар хоуьйтуш.

Иштта Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан а, Лакхарчу Радан а дехар а ду цу кехата тIехь, ГIирмехь кхаьжнаш тасийтарна Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал кхи а санкцеш яха аьлла.

ГIирман территори тIехь дIабаьхьна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе харжамаш а тIе ца битира Евроберто а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штататша а. ГIирман, Севастополан цIарах къастийна депутаташ легитиме а ца лерира

ПIераскандийнахь Украинано дIахьедина, ГIирмехь Оьрсийчоьнан харжамашкахь дипломаташна бен, пачхьалкхан декъатIерачу оьрсийн векалташкахь а, консулаллашкахь а кхаж таса могуьйтур дац шаьш аьлла.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана цатайна и дIахьедар. Украине кхайкхам бо цара, Оьрсийчоьнан бахархошна кхаж таса аьтто бар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG