ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу шайн тергамчаш ца бохуьйту "Яблоко" партино


Навальный Алексейс Оьрсийчоьнан президентан харжамашка шайн квотаца Нохчийчу хьовсийна тергамчаш юхакхайкха Iалашо хилла "Яблоко" партин. Явлинский Григорийс тешвинчо деллачу кехатех, тергамчаш Нохчийчу хьовсош пайдаоьцур буйла ца хиънера шайна аьлла, дийцина партехь болчара.

"Тхуна хетарехь, оцу бахархошна, тергамчаш санна Нохчийчу ховсийначарна, кIорггера хууш дац, регионехь долчу сингаттамечу хьолах. Халахеташ делахь а, кест-кеста стеган дахарна кхераме мIаьргонаш хIуьтту цигахь, къаьсттина хаарш доцчунна а, зеделларг доцуш и стаг велахь а. Навальныйн штабо лерина тренингаш ца йина цаьрца, уьш "шайн лаамехь" боьлхуш бу алар доцург, ца дуьйцу журналисташка, муха ларйийр йолуш ю церан кхерамзалла", аьлла бу хаам.

Маршо Радионо хьалхо яздинера, Навальный Алексейс Нохчийчу 53 тергамча хьажош хиларх. Оьшуш долу царна кехаташ Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидатийн Явлинский Григорийн а, Грудинин Павелан а тешаша делла хилар а хоуьйтуш.

"Новая газетано" Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан (СПЧ) куьйгалхочуьнга Федотов Михаиле а хаамбира, тергамчаш Нохчийчу боьлхуш хиларх.

Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашка кеп-кепарчу политикан ницкъаша шайн тергамчаш бахийта лаам хиларх вистхилла Кадыров Рамзан.

"Массарна а хаа луург, Навальный Алексейс Нохчийчу "шен нах" бахкийтар оха тIе муха эцна. Суна ца хаьа, муьлхачу статусехь бу и нах, амма харжамашна тIехь терго латто луург массо а, ша Навальный а, "цуьнан нах" а, Iамеркера, Европера а цхьана тергамчаш оха кхойкхуш бу тхайн республике кIирандийнахь", - аьллера Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG