ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнашказь маьршачу наха дIатесна Шеман Малхбалера Гута


ГIаттамхоша шайн карахь латточу Шеман Малхбалерчу Гутехь пачхьалкхан эскарша динчу авиатохаршкахь мел лахара а 30 маьрша вахархо вийна. Бакъонашларъярхоша бо и хаам, анклаван гонера бовла гIертарш бу оцу бомбанашна буха нисбелларш бохуш, чIагI а деш. ТIаьххьарчу цхьана баттахь Малхбалерчу Гутехь тIемаш жигарбовларца, эзар гергга маьрша вахархо вийна цигахь.

ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан маслаIатан резолюци тергал а ца еш, Гутехь тIемаш дIахьош бу. Шемарчу Iедалша а, Оьрсийчоьно а дIахьедо, шаьш тохарш "террорхошна" деш ду аьлла. Кху цхьана баттахь президентан Асад Башаран эскарша Малхбалерчу Гутан доккха дакъа дIалаьцна. Бакъонашларъярхойн зерашца, яхначу буса 10 эзар меттигерчу маьршачу бахархойна каяьлла гIалара арабовла. Оьрсийн тIеман буьйранчаша, 30 эзар ву аьлла кIелхьараваьлларг.

Адамийн бакъонийн мониторинг латточу Шеман центро иштта хоуьйту, Шеман Къилбаседанера курдойн Африн кIоштара а мухIажирш уьдуш хиларх. Туркойчоьно агIо латточу Шеман гIаттамхойн тобанашна а, курдойшна а юкъахь тIемаш бу цигахь лаьтташ. ТIаьххьарчу деношкахь 150 эзар стага дIатесна и кIошт. Африн ерриг а схьаяккха шайн Iалашо хиларх дIакхайкхийнера Туркойчноьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG