ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Европано Дудаевн агIончаш шен нах санна тIеийцира, ткъа вукхара къоланашца "баркалла" элира", - иштта гочъян мегар ду шоьтадийнахь РИА Новости цIе йолчу оьрсийн хаамийн агенталлехь араяьлла артикл.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:09 0:00
Линкана тIе

"Европано Дудаевн агIончаш шен нах санна тIеийцира, ткъа вукхара къоланашца баркалла элира", - иштта гочъян мегар ду шоьтадийнахь РИА Новости цIе йолчу оьрсийн хаамийн агенталлехь араяьлла артикл.

Цу тIехь дуьйцу, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь нохчийн къомахчу мухIажарша талорш лелорх. "20 шо сов хан ю нохчийн эмигранташ Евробертан территори тIехь болу. Дукхахберш сепаратисташ хилла нах бу, мухIажарш санна Малхбузе схьабаьхкина болу. Низам лардаран структураша уьш кест-кеста европахошца тийсалуш хилар билгалдоккху. Нохчийн криминалан цхьаьнакхетараллийн терахьаш дебаш ду. И банданаш уггаре а дIакъовлаеллачех а, дисциплинечех а, къизачех а ларалуш ю!, - бохуш, яздо авторо.

Авторх аьлча, иза Гашков Игорь ву. РИА Новости сайтана тIехь шен йоцачу биографехь цо яздина, ша дуьненан политика а, францхойн култура езаш ву, аьлла. "Парижан урамашкахь паника тергалйина а ву, цу гIалина исламхоша тIелатар динчу хенахь", - иштта ду цо шен биографехь уггаре а башха хIума санна билгалдаьккхинарг.

Иштта цо яздо шена ворхI маттахь деша хаьа бохуш. Хетарехь, шена деша мел хуучу меттанашкахь нохчех лаьцна яздина негативе хIумнаш цхьана артиклехь гулдина цо, тайп-тайпанчу йозанехь компиляци а йина.Иштта далуш хуьлу.

Масала, Евробертан пачхьалкхашкахь талорш а, деза зуламаш а лелочу оьрсех лаьцна негативе артикл язъян Iалашо Маршо Радион корреспонденто юхьаралаьцча, шена деша мел хуучу меттанашкахь цунна карор дара, оьрсийн мафих лаьцна яздинарг.

Ингалс маттахь карор дара масех кIира хьалха Испанехь йолаеллачу оьрсийн мафин декъашхошна тIехь процессах лаьцна. БиБиСи агенталло яздарехь, оьрсийн Пачхьалкхан Думин депутат, "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин декъашхо Резник Владислав а, цуьнан хIусамнана а кхеле озийна, мафин могIаршлахь зуламаш лелорна.

Мадридан прокуратурано оьрсийн политикана 5,5 шой хан тохар а, 100 миллион евро гIуда тохар а дехна. Резникал сов кхин 20 оьрси ву мафина юккъехь хиларна кхеле озийна.

Немцойн маттахь карор дара, Германехь а, Австрехь а оьрсийн криминалечу тобанаша лелийначу къизаллех лаьцна. Германин криминалан полицин президенто Мюнх Холгерс шен Ди Велт газетина еллачу интервьюхь дийцира, оьрсийн мафи тIаьххьарчу хенахь вуно чIогIа яьржаш а, чIагIлуш а ю, бохуш.

"Цуьнан инзаре йоккха зедаран потенциал ю", - элира цо, къаьсттина къоланаш дарехь а, нахера къиза тIелатарш дарца, бахамаш схьабахарехь а.

Ур-атталла, немцойн набахтешкахь а ю оьрсийн мафи, полицин куьйгалхочо дийцарехь. "Немцойн набахтешкахь бохкучу нахах 8 процентана тIера 10 проценте кхаччалц оьрсий бу", - элира цо. Цул совнаха, полисхоша дийцарехь, Берлин йоллучу Европехь а оьрсийн криминалхоша туш тоьхна, уьш гуллуш болу гIала ю.

Дукха бу оьрсийн къомах зуламхой луларчу Австрехь а, цигарчу полицин векалша чIагIдарехь. Венерчу Кхерамазаллин Бюрон куьйгалхо хиллачу Эделбахер Максас Вайс агенталлига дийцарехь, Венехь а, йоллучу Австрехь а шуьйра яьржина талорш лелош ю оьрсийн криминале тобанаш.

Францхойн, италхойн меттанашкахь деша йиш ю, Францехь а, Италехь а оьрсийн къомахчу зуламхойн бандаша лелочух лаьцна. Цунах лаьцна дийна цхьа документалан филм яьккхира тIеIаткъамечу Европерчу АРТЕ телеканало. "Низамехь къолахой" цIе йолчу цу филмехь оьрсийн талорхоша шаьш дийцира, шаьш Малхбузехь дечу зуламех лаьцна а. Нах байъарх лаьцна а, къоланаш дарх лаьцна, кхаьънаш даларх а, зударий сийсазбарх а, бераш дохка-эцарх а дийцира цара.

Амма и дерриге а Парижан урамехь исламхоша кхоьллина паника тергалйинчу Гашковс ца яздо. Цо Европерчу мигрантех яздо. Нохчийн криминалхойх а. Оьрсийн мигранташ а, оьрсийн криминалхой а Европехь банне а боцуш санна.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG