Соьлж-ГIаларчу лоьмар 391 йолчу харжаман декъехь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидатийн Собчак Ксениян а, Грудинин Павелан а агIор тергамчаш хаабелла. Болчу хаамца, оьшу информаци и луш, харжамхошца маьршша къамел дан бакъо елла царна. Цхьана а кепара провокацеш, Iиттарш йоцуш дIахьош бу харжамаш.
Билгалдоккху, Нохчийчохь дIахьочу харжамашна тIехь терго латтош ву кандидаташа а, политикан партеша а, мехкан Юкъараллан палатано а хьалхатеттина 3,5 эзар стаг. Бу царлахь дуьненаюкъара а.
Аккредитаци кхаьчначу 100 гергга регионерчу а , Оьрсийчуьра а жерналисташа дуьйцур ду харжамех лаьцна.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...