ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашкахь лелочу харцонех хаамбина тергамчаша


Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкарчу харжамийн дакъошкарчу тергамчашкара хаамаш бу, кхаьжнаш тасараехь харцонаш лелош хиларх. Харжамхой яккхий тобанашца машенкашкахь схьакхийлар, къаьсттина, пачхьалкхийн хьукматашкара белхахой, ишта бюллетенеш чукхийсар, тергамчаш харжамийн каппашка чу ца битар а.

Масала, Москохарчу а, Южно-Сахалинскан а цхьаццайолчу каппашкахь кхаьжнаш таса буьйла а балале, яьшки чохь цхьа туп бюллетенеш хилла. Центризбиркомехь комиссин декъашхоша а, тергамчаша а, полисхоша кхаьжнаш тесна бюллетенеш ду уьш аьлла.

Сахалинехь харжамийн дакъошкахь туьканашкахьчул а 15-20 процент мехаш охьа а даьхна, кхачан-сурсаташ хилла духкуш.

Ткъа Москохарчу цхьана куьпахь мах охьабаьккхина талонаш йоькъуш хилла ювелиран хIумашна а, юучунна, хаамбина Навальный Алексейн тергамхоша.

Иштта, низам ца лардеш, йиллина дIахьош агитаци ю Путин Владимирна. Цхьайолчу харжаминй каппашкахь кхозуш ду Путинан портреташ.

Маршо Радиога махкара бинчу хаамашца, Нохчийчохь пачхьалкхан белхахошка, шаьш кхаж тесначул тIаьхьа бюллетенан сурт а даккхий, Ватс апехула куьйгалле дIакхачаде аьлла. Нагахь харжамашка ца боьлхуш Iахь, балхара дIабохург хилар а хоуьйтуш.

Иштта "Голос" боламо шен карти тIехь хоуьйту харжамхойн тептарехь белла нах хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG