ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак Ксениян агIончана кхерамаш тийсина Соьлж-ГIалахь


Президентан харжамийн кандидатан Собчак Ксениян агIорчу комиссин декъахочунна Ефремов Игорна кхерамаш тийисина Соьлжа-ГIалахь аьлла, хаамбо ОВД-Инфо гIирсо.

Харжаман декъехь ха дечу масех стага кхерамаш тийсина хилла Ефремовна, гена доцчу дарбан цIийнера 391 лоьмар йолчу декъе баьхкинчу белхалошна кхаж таса дуьхьалоярна.

Ефремовс бахарехь, уьш ца хилла тептарна юккъехь, тIаккха комисси кхи совнах тептар хIотто гIоьртина, уьш тIе а язбеш. ОВД-Инфос, тергамчан Клепиков Дмитрийн хаамна тIе а тевжина яздарехь, цу кепара муьлш бу ца хуу нах дуккха а хилла кхечу Соьлжа-ГIаларчу дакъошкахь а.

Иштта цо дIахьедина, дуккхаъчу харжамийн каппашкахь тергамчашна тIеIаткъам беш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG