ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депардье Жерар а ву Оьрсийчоьнан президент хоржуш


Францин актеро Депардье Жерара дакъалаьцна Оьрсийчоьнан президентнан харжамашкахь. Парижерчу оьрсийн векалтехь цигарчу хенаца 10 даьллачул тIаьхьа веана, кхаж тесна цо.

Оьрсийоьне болчу боккхачу безамца а, патриотан дог-ойла йолуш ша хиларна а веанера аьлла Депардьес.

Францера актерана Депардье Жерарна оьрсийн паспорт дала бакъо луш, омрана куьгъяздинера Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.

Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 5 чоь йолу петар елира францхойн актерана Депардьё Жерарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG