ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан политикана дуьхьал митинг хилира Венехь


Оьрсийчоьнан президент хоржучу дийнахь Кремлан политика емалъян арабевллера Венин бахархой. „Нах бойу Путин юха ца харжарна дуьхьало яр" бохучу лозунгаца вовшахтоьхна йолу митинг Венин кхозлагIчу кIоштарчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха дIаяхьира.

"Путин Владимир юха а Оьрсийчоьнан президентан даржехь чIагIваран харжамаш бу уьш, церан жамI тоххарехь хууш ду. Цигахь цхьа а маьрша харжам боцийла къайле яц", - элира Маршо Радионе митинган декъашхойх цхьаммо Оспанов Ахьмада. Цундела ша а, шен накъостий а шаьш уьш харжамаш ца лорий дIагайта араваьлла элира цо.

Оьрсийчоьнан векалтна хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш бара Нохчийчуьйра а, Шемара, Украинера а орамаш долу нах.

Оццу хенахь векалтехь харжамашкахь шайн кхьаьжнаш дIадала арабевлла болу оьрси а бара. Тайп-тайпанчу хьостанашца, 50 эзар герга стаг ву Австрехь Оьрсийчоьнан векалтехь чоте хIоттийна, оьрсийн паспорташ а долуш, харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш.

XS
SM
MD
LG