ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВЦИОМ-ан экзитполаш: Хьалхарчу турехь толам Путинехь бу


Оьрсийчоьнан президентан харжамаш бирзи. Москохарчу хенаца 21 сахьт даьлча массо а Калининградан кIоштара харжамийн каппаш дIакъевлина. Оьрсийчоьнан харжамийн комиссин зерашщца, йоллу пачхьалкхехь 60 процент бахархоша кхаьжнаш тесна. Оппозиционеран Навальный Алексейн тергамчаша дIахьедарехь, баккъал долу терахь 55 процент ду.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн хьесапца, экзит-пол ишттIа хIоьттина:

Путин 73,9%

Грудинин 11,2%

Жириновский 6,7%

Собчак 2,5%

Оьрсийчоьнан 2018-чу шеран президентан харжамашкахь дакъалоцуш бара, декхарш кхочушдеш волу пачхьалкхан урхалхо Путин Владимир а, КПРФ-н цIарах Грудинин Павел а, ЛДПР-н лидер Жириновский Владимир, "Яблоко" кхоьллина Явлинский Григорий а, "Гражданская инициатива" партин цIарах Собчак Ксения а, кхиаман Партин хьалханча Титов Борис а, " Оьрсийчоьнан коммунистийн" лидер Сурайкин Максим а, "Оьрсийчоьнан юкъарчу союзан" кандидат Бабурин Сергей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG