ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъайисте нехаш охаьйоьхкинчуьнга шега дIаяхийтина уьш ГIалгIайчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ГIалгIайчохь меттигерачу бахархоша, нехаш эрна арахь дIакхоьссинарг схьа а лехна, цуьнга шега дIаяхьийтина уьш. Иза хилла шоьтан дийнахь Сурхота олучу эвлана уллехь.

Буьйсанна "Кама"з машен юьззина нехаш некъа йистехь охьайоьхкина цхьаммо. Арахь деана догIа долун дела, машенийн ларшца карийна нахана иза динарг.

Социалан машанера гIалгIайн жигархойн агIонаш тIехь бечу хаамца, охьайоьхкинчуьнга шега дIаяхьийтина нехан. ОьгIазбаханчу наха, кхечарна масал хилийтархьамма, куьйгашца машенна тIейоттийтина цу стаге ша охьаIанийна нехаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG