Iамеркан кхо махкахо дIахецар хьокъехь Вашингтонна а Пхеньянна а юкъахь дийцарш дIадоьлхуш ду Стокголмехь. КIирандийнахь Къилба Корейн MBC телевизионо бинчу хаамца, цу хьокъехь Къилбаседа Корейн а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а барт хилла ала мегар ду. Буьйцурш бу Iамеркахой Ким Хак Соне а, Ким Сан Дуке а, Ким Дон Чхоле а. Карарчу хенахь дийцаре деш ду уьш маьрша бохур болу де.
Iамеркан лаам дIахоуьйтуш ю Къилбаседа Корейхь Швецин векалалла.
Зазадоккхучу-беттан 9-чу дийнахь хиина, Iамеркан президент Трамп Доналд цхьаьанакхета реза хилла хиларх лаьцна Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ыном. Цкъачунна болчу хаамца, и шиъ цхьаьнакхетар волуш ву Стигалкъекъа-баттахь.