ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн латкъам юхатоьхна Нохчийчуьрчу Лаккхарчу суьдо


Титиев Оюб.
Титиев Оюб.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо таллам чекхбаьллалц набахтехь латто сацам бина бакъонашларъярхо Титиев Оюб. Ши кIира хьалха Старопромыслан кхело бина сацам ца хийцина суьдхочо Горбовцов Дмитрийс.

Титиевн адвокаташа арз динера оцу сацамна. Иштта цара дехнера кхел йоьдучу хенахь, гуран чохь мукъане а ма латтавахьара иза аьлла. Иза а тIе ца дитина суьдхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG