ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчьнан президент хоржуш дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша


Путин Владимир.
Путин Владимир.

ДIадаханчу кIирандийнахь хиллачу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин гIантден когаметто Булаев Николайс.

Цу кепара, харжамийн каппашках баьхкинчу нехан терахь сов ду 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш болуш хиллачул а. Цу хенахь президент хоржуш дакъалецира 65,3 процент харжамхоша.

Хууш ма хиллара, президентан харжамашкахь толам боккхуш ву Путин Владимир. Цунна шайн кхаьжнаш дIаделла 77 процент гергга харжамхоша (56 сов миллион стаг). ШолгIачу меттехь ву КПРФ партин кандидат Грудинин Павел (12 процент). ЛДПР партин куьйгалхочо Жириновский Владимира гулдина 6 процент кхаьжнаш. Собчак Ксениягахьа кхаж тесна 2 процент гергга харжамхоша. Явлинский Григорийс гулдина 1 процент харжаман бюллетенаш. Висинчу кхаа кандидатан (Титов Борис, Сурайкин Максим, Бабурин Сергей) аьтто ца баьлла 1 процент кхаьжнаш гулдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG