ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто емал дина Скрипална дIаьвшен тIелатар дар


Британин арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис.
Британин арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис.

Еврбертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллахийн министрша емаk дина Британехь Оьрсийчуьрчу шалха агентана дIаьвшен тIелатар дар. Цара дIахьедар дина шаьш баккъалла а сингаттамца тIеэцна хилар, Лондоно и зулам дарна тIехьа лаьтташ Москох ю аьлла дина дIахьедар.

Британис а, цуьнан бартхоша а бехке йина Москох кху беттан 4-чохь хилла дIаьвшен тIелатар дарна. Хууш ма хиллара, Солсбери гIалахь, дIаьвшен атака яр бахьана долуш, кхетамчуьра даьлла дуьсуш ду Скрипал Сергей а, цуьнан йоI Юлия а.

Британин арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса дIахьедар дира кху беттан 16-чу дийнахь, шена хетарехь, Скрипалана дуьхьал дIаьвшен газ хецар хьокъехь сацам бинарг ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла.

ХIинццалц оццул лакхарчу даржехь волчу цхьана а стага бехке вина вацара Путин Владимир дIовш леладе аьлла омра даларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG