ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьуьнха яхана зуда лоьхуш бу орцанхой ГIебартойн-Балкхаройчохь


Архивера сурт.

Кху беттан 18-чу дийнахь хьуьнха яхана зуда лоьхуш ю ГIебартойн-Балкхаройчохь. Орцалан министраллан белхахоша дIахьош ю операци, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Озрек эвлара яхархо яйна хиларх лаьцна хаам кхаьчна республикерчу МЧС-е селхана сарахь 5 сахьт долуш. Гергарчара хаам бина иза хьуьнха яхана хиларх лаьцна. 9 сахьт даьлча зуда лехар сацо дезна Iарж ялар бахьана долуш. Тахан Iуьйранна юха а хьунха бахана орцанхой.

Операцехь дакъалоцуш бу яйначу зудчуьнан гергарнаш а, Озрек эвлара бахархой а, хьалхаваьлла Орцаллан министраллан 8 белхахо а волуш.

XS
SM
MD
LG