ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин полицино лаьцна президент хилла Саркози Николя


Саркози Николя, Лахь. 20, 2016
Саркози Николя, Лахь. 20, 2016

Францин полицино Парижехь лаьцна цу мехкан президент хилла Саркози Николя. Рейтер агенталло бинчу хаамца, и лацар доьзна ду 2007-чу шарахь цуьнан харжаман компанина ахча даларца.

Либин Iедалша Саркозина ахча делла хила мега бохучуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх схьаддиллина ду 2013-чу шарахь, яздо Lе Monde газето.

Францин хилла президент талламан изоляторе хьажийна шинарин дийнахь цу гIуллакхехула ладогIаршка веъча. 48 сахьт далалесуьдо сацам бан безаш бу иза талламан изоляторехь витарх лаьцна.

Саркози президент вара Францин 2007-2012 шерашкахь. 2012-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь иза ийшира Социалистийн партин кандидатана Олланд Франсуана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG