Роскомнадзоро 15 де делла Telegram-на, низамо бохург кхочуш а дина, Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала. Цул тIаьхьа цу мессенджерна блок хIоттор доьхуш суьде кехаташ хьажо мегаш ду цу урхалло.
Хьалхо Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо юхатуьйхира Telegram мессенджеро Федералан кхерамазаллин сервисе (ФСБ) кховдийна иск. Цунах лаьцна хаам бо "Медиазоно".
Telegram-н векалша доьхург дара ФСБ-но хаамаш схьабаста оьшуш долу догIанаш шайга схьало бахар низамца догIуш цахилар даре дар.
Telegram-н векалш тетевжарг ю, бахархоша вовше яздийриг лардеш йолу, Оьрсийчоьнан Конституци. Амма ФСБ-но цунна дуьхьал дIахьедарш до, мессенджер лелорхоша яздийриг Конституцино ларйеш йолу информаци яц бохуш.
Стохка шо чекхдолуш, шифраш схьаяста догIанаш ца делла аьлла, Telegram-на гIуда туьйхира 800 эзар сом барамехь. ХIинца и мессенджер дIакъовла мегаш ю Оьрсийчохь.