ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан белхан мах хадон комисси кхуллура ю гIалгIайн бакъонашларъярхоша


Арихивера сурт.
Арихивера сурт.

Меттигерачу Iедалан белхан мах хадош йолу комисси кхуллура ю гIалгIайн бакъонашларъярхоша а, юкъаралхоша а. Цуьнах лаьцна леррина дIахьедар дина «Яблоко» партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана. Цо бахарехь, оцу белхан тобанна юкъахь хир бу махкахь бевзаш болу политикаш а, диндай а ткъа иштта лараме кхин нах а.
Иштта, оцу тобанан белхан жамIаш довзуьйтур ду леррина цу гIуллакхана кхоьллинчу форумехь.

Масех де хьалха ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омар а делира Оьрсийчоьнан президентан харжаман кампани дIайоьдуш Iедалшна йина критика талла леррина комисси кхолла аьлла.

Комиссино толлур ду президентан дарж къовсуш хиллачу кандидатийн меттигерчу векалша Iедалша социала-экономикан хьашташ кхочуш деш дац аьлла бехке дар.

Комиссино шен болх берзийча меттигерачу телехьожийлехь эфир йийр ю цу нахаца карийна кхачамбацарш а дуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG