ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамашкахь низам дохорна 228 латкъам бина Къилбаседа Кавказера


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Зазадоккху-беттан 18-чохь хиллачу президентан харжамашкахь низам дохийна хилар хьокъехь 228 латкъам бина Къилбаседа Кавказерчу федералан гонера. Низам дохор билгалдаьккхина ду "Низам дохоран картана" тIехь.

Уггаре дукха латкъамаш кхаьчна цу регионера Ставрополан махкара а, Дагестанера а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчуьра а. Цигахь жигара болх беш бара тIехьажархой.

Низам дохийна бохуш волонтераш дуьйцург ду цхьацца наха дуккха а бюллетенаш чукхиссар а, "Харжамаш" системехь долу кхаж тасаран жамIаш шалха довлар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG