ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино ша бехкевар бух боцуш ду боху Саркозис


Каддафи Муаммар а (аьтто), Саркози Николя а. Парижехь. Архивера сурт.
Каддафи Муаммар а (аьтто), Саркози Николя а. Парижехь. Архивера сурт.

Каддафи Муаммарера миллионашкахь еврош ша эцна бохург бакъ дац аьлла, дIахьедар дина Францин президент хиллачу Саркози Николяс. Ша бехке веш ву боху цо, цхьа а бух боцуш, яздо Le Figaro газето.

Шина дийнахь левинчул тIаьхьа коррупцица къийсам латточу полицино бехк кховдийна Саркозега, ахчанца доьзна низам дохош 2007-чу шарахь президентан харжаман компани дIаяхьарна а, Либин лидерера ахча эцарна а.

Полицино толлуш ду Каддафин Iедало 2007-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалоцуш волчу Саркозина къайлаха 50 миллион евро делла бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG