ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думо аккредитаци дIаяьккхина цхьамогIа зорбанан гIирсашкара


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан спикер Володин Вячеслав.
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан спикер Володин Вячеслав.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо аккредитаци дIаяьккхина шен белхана бойкот йинчу зорбанийн гIирсашкара. Цунах лаьцна дIахьедар дина спикеро Володин Вячеслава.

Хьалхо Дождь" телеканалана тIаьххье RTVI телеканало а сацийра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь болх бар, журналсташца-зударшца оьзда воцуш лелла волчу дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонида цхьа а вон хIума дина ца карийна шайна аьлла, кхаарин дийнахь этикехула йолчу комиссин декъашхоша сацам бинчул тIаьхьа.

Бойкот латтор ю шаьш Слуцкий цу даржехь мел вуьсу аьлла, дIахьедар дина RTVI коьртачу редакторо Пивоваров Алексейс. Иштта сацам бина Znak.com зорбанан гIирсо а. Хьалхо Думера шайн журналисташ дIакхайкхина "Эхо Москвы" радиостанцино а, РБК медиахолдинго а.

Оьзда воцуш леларна Слуцкий бехке вина ББС-н Оьрсийн сервисан корреспонденто Рустамова Фаридас а, RTVI телекомпанин коьртачу редакторан когаметто Котрикадзе Екатеринас а, "Дождь" телеканалан продюссеро Жук Дарьяс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG