ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НСН: Чичваркинна дикка мийра кхета мегаш бу Нохчийчуьра


Чичваркин Евгений. Архивера сурт.
Чичваркин Евгений. Архивера сурт.

Ламаз до ша аьлла, моттаргIа йина Лондонерчу урамехь Оьрсийчуьра ведда волчу бизнесхочо Чичваркин Евгенийс, хаам бо НСН (Къоман керланийн срвис) агенталло.

Автосалонна хьалха Rolls-Royce "ламазан куза" тIехь машенна корта тухуш яьккхина видео дIахIоттийна цо шен Instagram -хь.

Чичваркинан «провокацина» комментари йина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахаьрчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министр волчу Умаров Джамбулата.

«Чичваркин санна волу кIилло цкъа а ваьхьар вацара и саннарг Соьлж-ГIаларчу урамехь дан. Хетарехь, дийр дацара цо иза Москох урамашкахь а. Цундела, цунна пхи-ялх дикка мийр тохар нийсса кхузахь догIуш дара аьлла хета суна. Цунна иза тухур а бара-кх. Иза дича реза хир бара аьлла хета суна, бусалбанаш хьовха, муьлхха а кху дуьнентIерчу динан векалш», - даладо Умаровн дешнаш НСН агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG