ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа къоман кхерамазаллехула волу шен хьехамча хIоттийна Болтон


Болтон Джон.
Болтон Джон.

Iамеркан президенто Трамп Доналда еарин дийнахь дакхайкхийна, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь векал хилла Болтон Джон шен къоман кхерамазаллехула волу хьехамча хIотто сацам бина ша аьлла.

Болтон шен декхарш кхочуш дан волалур ву Охан-беттан 9-чу дийнахь дуьйна. Цо хуьйцур ву цу даржехь, стохка Чиллан -баттахь Флинн Майкл дIаваханчул тIаьхьа, президентан кхерамазаллехула волу хьехамча хIоьттина хилла инарла Макмастер.

Болтон вевзаш ву шен консерваторийн ойланашца. Охан-беттан 15-чу дийнахь, Foxnews телеканалана интервью луш, цо дIахьедар дира Солсберехь динчу тIелатарна «вуно кхоьтуйтуш жоп» дала деза аьлла. Путин Владимирна хаийта деза, нагахь цо цу тайпаниг кхин дахь кхин а чIогIа чулацаме бекхам хирг хилар, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG