Москох еарин сарахь вийна Дагестанера вахархо. Цунах лаьцна хаам бина "Опер слил" олучу Telegram канал-о. Кхелхинарг ву 1997-чу шарахь вина Магомедов Арсен Назимович.
Полисхоша бинчу хаамца, цуьнан дов даьлла хилла, дийцарехь, Юккъерчу Азера схьаваьллачу Мухьаммад цIе йолчу стагаца. Юкъаметтигаш тIаьхьо къасто хан йиллина цу шина стага.
Сарахь 8 долуш Магомедов шен накъосташца дIакхаьчна йиллинчу метте. Цигахь хиллачу латарехь чов йинчул тIаьхьа Магомедов велла, накъосташа дарбанан хIусаме дIавуьгуш.