ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхочо закъалтана нах лецна Францерчу Треб гIалахь


Франци - Францин жандарменин белхахоша гоне лаьцна Треб гIалахь адамаш закъалтехь латто кIошта. Заз. 23, 2018

Герзаца хиллачу стага закъалтхой лецна Францин къилбехь йолчу Треб гIалахь. Цо дIахьедар дина, ша «Исламан пачхьалкх» тобанан агIонча ву аьлла.

Францин зорбанан гIирсаша яздарехь, вевзаш воцучу стага, полисхошна герз а тоьхна, туькана чу а иккхина, лецна закъалтхой. Reuters агенталло дийцарехь, верриг а 8 стаг ву цуьнан карахь. Полицино хаам бина царах цхьаъ вийна хиларх лаьцна.

Бохам хиллачу метте хьажийна Францин жандармерин антитерроран тоба. И кIошта гоне лаьцна ю. Францин премьер-министро Филипп Эдуарда дIахьедар дина, «хIоьттина хьал вуно луьра ду» аьлла.

XS
SM
MD
LG