ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера цхьамогIа пачхьалкхаша арабаха мегаш бу Оьрсийчоьнан дипломаташ


Белги -- Брюсселехь зорбанан конференци луш бу Британин премьер Мэй Тереза а, Германин канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Макрон Эммануэл а.
Белги -- Брюсселехь зорбанан конференци луш бу Британин премьер Мэй Тереза а, Германин канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Макрон Эммануэл а.

Скрипал Сергейна дIовш малорна Германино а, Полшо а, Эстонино а, Латвино а, Литвано а шайн махкара арабаха мегаш бу Оьрсийчоьнан дипломаташ. Цунах лаьцна хаам бина Британерчу The Guardian газето.

Европан Кхеташонан президенто Туск Доналда шен "Твиттерехь" йолчу агIона тIехь хаам бина, Европа ерриг а ю Британина хетарг хеташ аьлла.

Цул хьалха хаам баьржира Евроберто Москохара дIакхойкхуш ву шен векал аьлла.

Брюсселехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Скрипална а, цуьнан йоIанна дIаьвшен тIелатар дар хьокъехь Британин премьер Мэй Тереза дагаелира Германин канцлерца Меркел Ангелица а, Францин президентаца Макрон Эммануэлца а. 20 минотехь дахделлачу цу цхьаьнакхетарехь шина пачхьалкхаш лидерша хаийтира шаьш цу хаттарехь Британин гIортор йийр хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG