ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Треберчу теIелатаран декъашхо хила мега зуда лаьцна Францехь


Требехь тIелатар дина супермаркет.
Требехь тIелатар дина супермаркет.

Треб гIалахь теракт хиллачул тIаьхьа зуда лаьцна Францин полицино. Иза цу тIелатаран декъахо хила мега аьлла, хета талламхошна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Парижан прокуроро Моленс Франсуас. Иза ву Требехь хилларг толлуш.

Iедалша йовзийтина тIелатар динчу стеган цIе. Иза ву 25 шо долу Мароккора схьаваьлла Лакдим Редуан.

Зазадоккху-беттан 23-чохь цо машен ядийнера, цуьнан долахо а вуьйш. Цул тIаьхьа плисхошна герз диттинера цу стага, царах цхьанна чов а еш.

Зуламхочо, туькана чу а ийккхина, закъалтхой лецнера. Штурм еш вийна 2 стаг. ТIелетар динарг вийна полисхоша. Цо доьхург хилла 2015-чу шарахь Лахьан-баттахь Парижехь терроран тIелатар дарна чувоьллина волу Абдеслам Салахь дIахецар.

Парижехь хиллачу терроран тIелатаршкахь вийна 130 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG