ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Hill: Болтон шен хьехамча хIотто лууш ца хилла Трамп цуьнан мекхаш бахьанехь


Болтон Джон.
Болтон Джон.

Iамеркан президент Трамп Доналд еххачу хенахь Болтон Джон шен Къоман кхерамазаллехула волу хьехамча хIотто лууш ца хилла цуьнан мекхаш бахьанехь.

Цунах лаьцна яздо The Hill зорбанан гIирсо. Болтона твиттерехь яздина, "юьхьа тIе урс хьакха бохуш, хьехарш дарна баркалла, амма уьш дIадаша дагахь вац ша аьлла.

Болтонан мекхаш Трампана ца дезаш хиларх лаьцна 2016-чу шарахь яздинера The Washington Post газето. The New York Times газетан журналисташа а билгалдаккхара Трампа масийттоза забар йина хилар Болтонан мекхех лаьцна.

Iамеркан президенто Трамп Доналда еарийн дийнахь дакхайкхийра, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллехь векал хилла Болтон Джон шен къоман кхерамазаллехула волу хьехамча хIотто сацам бина ша аьлла.

Болтон шен декхарш кхочуш дан волалур ву Охан-беттан 9-чу дийнахь дуьйна. Цо хуьйцур ву цу даржехь, стохка Чиллан -баттахь Флинн Майкл дIаваханчул тIаьхьа, президентан кхерамазаллехула волу хьехамча хIоьттина хилла инарла Макмастер.

Болтон вевзаш ву шен консерваторийн ойланашца. Охан-беттан 15-чу дийнахь, Foxnews телеканалана интервью луш, цо дIахьедар дира Солсберехь динчу тIелатарна «вуно кхоьтуйтуш жоп» дала деза аьлла. Путин Владимирна хаийта деза, нагахь цо цу тайпаниг кхин дахь кхин а чIогIа чулацаме бекхам хирг хилар, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG