ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхелхина яздархо Берсанов Хож-Ахьмад


Берсанов Хож-Ахьмад.
Берсанов Хож-Ахьмад.

Нохчийчохь кхелхина вевзаш волу яздархо-этнограф Берсанов Хож-Ахьмад. Нохчийн меттан тоьллачарех говзанча вара иза. Ша цамгаро кIел витталц тIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран болх дIахьош вара Берсанов. Цуьнан йозанаш тIехь массийта пьеса а хIоттийнера нохчийн театрехь. Царах уггаре а евзаш ерш ю «Дог майра Бексолта», «Ши ваша», «ЧIинхо», «Ирс лоьху Хьасан».

Берсанов Хож-Ахьмадан кадаьлла берашна лерина книгаш язъян а. Иштта ешархоша езаш тIеэцна Нохчийчуьрчу Iаламах цо язйина «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» цIе ерг а, къоман ламастийн орамаш а, церан хазалла а юьйцу цуьнан книгаш а.

Оханан-баттахь 92 шо кхочур дара Берсанов Хож-Ахьмадан. Яздархо дIавоьллина ша винчу а, ваьхначу а ШаIмин-Юьртахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG