Оьрсийчоьнан федералан лехамехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчах Турлаевх ШаIах дуьйцург юкъадаьккхина «халкъан мостагIаша», боху Кадыров Рамзана, шен «ВКонтакте» йолчу официалан агIона тIехь дIахIоттийначу видеохь.
Хьалхо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша хаам баржийнера Кадыров Рамзан, онлайн эфирехь а гойтуш, цхьаьнакхетта федералан лехамехь волчу шен хьехамча хиллачу Турлаев ШаIица аьлла. И видео Кадыров Рамзана дIахIоттийна шен «ВКонтакте» йолчу официалан агIона тIехь. Кадыров онлайн трансляци еш вара Бенара, хаам бора, масала, Lenta.ru сайто. Кадыров дийцарехь, Турлаев тахана а волуш ву цуьнан хьехамча.
Турлаевна дуьйцург хIун ду а цахуург а, пайда боцург а ду боху Кадыровс. Цхьа наркоман схьа а лаьцна, цуьнга нуьwкъала тоьшаллаш дайтича-м, Трампана духьал а долор ду бехктакхаман гIуллакх бохуш, реза воцуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо.
Турлаев бахьана долуш, "бIеннаш эзарнаш нах дийна бисна", цундела цуьнах баьлла пайда алсам бу, цо динчу зуламал а, боху Кадыровс.
Шайн сайташна тIехь мелла а бакъболу хаамаш ло, "накъостий чекситаш", кхайкхам бо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ