ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета": Турлаев дIаваьккхина Оьрсийчохь лоьхуш болчу нахана юкъара


Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча Турлаев ШаIа дIаваьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лоьхучу нахана юкъара. Иза хилла Турлаев Кадыров Рамзанца цхьанакхеттачул тIаьхьа, яздо "Новая газето". Цигахь яьккхина видео Кадыровс дIахIоттийна шен VKontakte агIона тIехь.

Error rendering VK.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша лоьхучу нахана юкъатоьхна вара Турлаев. Цунна бехке дуьллуш дара цхьамогIа нахана тIелатарш вовшахтохар.

"Новая газето" дагадоуьйту Турлаев хьалха Нохчийчоь маьрша хилийта гIертачу сепаратисташ олучу нахана юкъахь тIом бина хилар. 2004-чу шарахь, чов хиллачул тIаьхьа, иза Оьрсийчоьнан Iедалшна тIевахара, Кадыровс юкъарло а лелийна.

Амнисти йинчул тIаьхьа Турлаевх хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча. Кадыров Рамзана динчу дIахьедарца, цу даржехь ву иза хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG