ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу оппозицин тIемалой арабовлуш бу Малхбалерчу Гутера


Шема - Асадан эскархой автобусашна уллехь лаьтташ бу, Малхбалерчу Гутера арабовлуш болу оппозицин тIемалой ламаз дина бовларе хьоьжуш.
Шема - Асадан эскархой автобусашна уллехь лаьтташ бу, Малхбалерчу Гутера арабовлуш болу оппозицин тIемалой ламаз дина бовларе хьоьжуш.

Шеман коьртачу гIалана Димашкана гергахь йолчу Малхбалера Гута меттигера арайолуш ю кхин цхьа оппозицин тIемалойн тоба. Иза дан аьтто баьлла Iедалан ницкъашца цу хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа.

Оппозицин "Файлак аль-Рахман" тобан тIемалой а, церан доьзалш а дIабуьгур бу Шеман къилбаседехьа йолчу гIаттамхоша Iуналла дечу Идлиб провинце. Маьрша бахархойн бакъо ю шайна лаахь Малхбалерчу Гутехь биса.

Верриг а цу меттигера аравала мегаш ву 7 эзар тIемало а, церан доьзалш а. И барт хилла, Оьрсийчуьрчу эскаран векалша юкъало а лелош. Цара чIагIдарехь, кху тIаьхьарчу баттахь Малхбалерчу Гутера дIавахана 100 эзар сов вахархо.

Бакъонашларъярхоша а, Шеман оппозицино а бехке йо Асад Башаран режим а, Оьрсийчоь а, тIеман операци дIахьош Малхбалерчу Гуте къиза бомбанаш еттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG