ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Times: Скрипала а, цуьнан йоIа а шаьшшина дIовш долучу дийнахь дIаяйина хилла GPS


Оьрсийчоьнан эскаран коьртачу штабан Коьртачу Талламан Урхаллан (ГРУ) эпсар хиллачу Скрипаль Сергейс а, цуьнан йоIа Юлияс а GPS дIяйина хилла 4 сохьтана шайн мобилан телефонашна тIехь, кхетамчуьра даьлла Британерчу Солсбери гIалин юккъехь гIанта тIехь и шиъ кароле хьалха. Цунах лаьцна хаам бина The Times газето, шен хьастана тIе а тевжаш.

Газето дуьйцу, цу гIуллакхо аьтто бина хила мега Скрипалан а, цуьнан йоIан а къайлаха цхьаьнакхетар дIадахьа. Иза хIун меттиг хилла цкъачунна хууш дац.

Скотланд-Ярдана комментари ян ца лиина цу хьокъехь, таллам дIабахьар хьулдина ду аьлла.

ТIаьххьара болчу хаамца, шалха агентана Скрипалана а, цуьнан йоIанна а дIовш долучу Iуьйранна и шиъ кешнашка дахана хилла Солсберхь. Цигахь дIадоьллина ду Скрипалан зуда а, кIант а.

ШолгIачух ах даьлча да а, йоI а, цу гIалахь парковкехь машен а йитина, пабе а, ресторане а дахана. Кхин а 2 сахьт даьлча и шиъ карийна кхетаvчуьра даьлла гIалин юккъехь гIанта тIехь.

Кхо кIира ду Скрипаль а, цуьнан йоI Юлия а дIовш даьлла госпиталехь комехь Iуьллу. Британин Iедалша чIагIдо царна тIелатар дина «Новичок» олучу дIаьвшаца бохуш а, цунна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоь ю бохуш а. Москохахь иза тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG