ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох дарбанан цIийнехь велла Мавроди Сергей


Москох Боткинан цIарахчу дарбанан цIийнехь велла «МММ» финансийн пирамида кхоьллина Мавроди Сергей. Цуьнан дара 62 шо.

«МК» газето яздарехь, кIирандийнахь автобус социйлера кхачийнера иза дарбанан цIийне. Дог лазадаьлла ше, бохуш хиллера иза. Лоьраш кхайкхинера ларамаза тIехволучу стага.

Мавродина дарба дан аьтто ца баьлла лоьрийн. Оршотан дийнахь иза велла.

90-чу шерашкахь Мавродис кхоьллинера 10-15 миллион Iехавелла йолу «МММ» олу финансийн пирамида. Цу кепара бозбунчалла лелорна и стаг чувоьллира, 4 шо ах шо хан а тоьхна. 2011-чу шарахь цо кхоьллира керла «МММ-2011» цIе йолу пирамида. Иза юьйхира масийтта бутт балале.

2012-чу шарахь кхин цхьа пирамида кхоьллинчул тIаьхьа цунна дуьхьал долийра бехктакхаман гIуллакх.

2016-чу шарахь Мавродис кхоьллира шен криптовалюта - Mavro.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG