ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан шпион лаьцна Полшехь


Полшин коьрта гIала Варшава.
Полшин коьрта гIала Варшава.

Полшин чоьхьарчу кхерамазаллин агенталло шайн махкахо шпион лаьцна Оьрсийчоьнна болх беш хилла. Цунах лаьцна хаам бина лерринчу сервисийн балхана урхалла дечу министран зорбанан секретаро Жарын Станислава.

Цо дийцарехь, Марек В. цIарца вуьйцуш волу и стаг хилла энергетикан проекташ жоьпаллехь латточу даржехь. Оьрсийчоьнна информаци дIаелла цо "Северный поток 2" газан биргIа ца яьйта Варшаво йохур йолчу гIулчашца йоьзна йолу.

Полша дуьхьал ю, Украина а, Полша а юьтуш, хIорда бухула Оьрсийчуьра Германе йоьду и биргIа тасарна. Варшавана хетарехь, цу газан биргIано чIагIйийр ю «Газпром» компанин Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь газ йохкарехь йолу позицеш, Европа Оьрсийчуьрчу газах йоьзна хилар алсам а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG