ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIе дIаяйина Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалахь тIекъелдинчу цIенон тховх цIе ялар бахьана долуш вийна а, лазийна а стаг вац, хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу цIеяйархошна тIе а тевжаш.

Сарахь 7 сахьт 47 минот яьлча цIе дIаяйина. Болчу хаамца, яьгна техникан хьашташ кхочуш дон чоьнаш а, тхов а. Адамийн петаршна тIе ца кхаьчна цIе.

Карарчу хенахь бохам хилла меттиг гоне лаьцна ю. Цигахь болх беш бу цIеяйархой а, орцанхой а. Циггахь лаьтташ ю лоьрийн масийтта машен а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG